Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас алсамйоккхур ю хьан тІаьхье, Лаьтта тІера гІум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гІамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тІаьхьенаш а ягарлур яра. Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву, со Хьан гІарбаш йолчун кІант ву. Ахьа паргІатваьккхина со сайн буржалех. Делан лаамехь верг хІаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тІера дІабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дІакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама. Нийсачу новкъахула лелларш паргІатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Іожаллин меттахь.
Выбор основного перевода