Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Іуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Іуьллуш тхи дара. Тхи дІадаьлча, лаьтта тІехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хІуманаш йисира. Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хІун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хІун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду. Цо боху вайга, доьзалехь волчу хІора стага дуур долччул ялта долу и кхачанан буьртигаш гулдеш волчо шен четар чохь Іаш волчунна хІоранна цхьа Іовмар гулде иза, хІора дийнахь шайна тоъал». Иштта дан а дира исраилхоша, цхьаболчара дукха, вукхара кІезиг гулдира кхачанан буьртигаш. Іовмар олучу барамца узура цара гулдинарг. Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, кІезиг гулдиначун тІеоьшуш а ца хуьлура. ХІораммо а цхьана стагана даъал гулдинера. Исраилхоша цу кхачанах «манна» олура (иза Іебархойн маттахь «И хІун ду?» бохург ду). Иза, ораматан хІу санна, кІайн а йолуш, чомана моз тоьхна хьокхам санна яра.
Выбор основного перевода