Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву. ХІунда бу те хІара лазам хедар боцу, хІунда ца йоьрзу те сан чов дІа? Веза Эла, Хьо соьца Іехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Іовраш санна хир ву? Веза Эла, Ахьа со Хьайна тІеозийна, ткъа со Хьох Іехавелла. Хьо сол ницкъ болуш ву, Ахьа со эшийна. Со массарна а хьалха белам хилла, нах сох массо а дийнахь кхаьрдаш бу. Со вист мосазза хуьлу, Аса, мохь а бетташ, кхойкху: «Къизалла а, хІаллакьхилар а хир ду». Везачу Элера болу и хаам ас барна, наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда. ТІаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цІарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цІе санна, догура, сан даьІахкашкахь дІахьулйина цІе санна, иза летара. Со хІоьттинера иза сайгахь сецо гІерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора. Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу». Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тІемало санна ву. Цундела сан мостагІийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Іалашо кхочушхир яц, уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду. Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гІуллакх аса Хьан кара дІаделла дела. Лекхийша эшарш Везачу Элана! Хастамаш бейша Везачу Элана! Цуьнга бен ваккхалур вац мисканиг зуламечу стеган карара. Сардам буллу аса со винчу денна! Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де! НеІалт хуьлда: «Хьуна кІант вина!» аьлла, кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана. Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гІаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Іуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тІеман маьхьарий, сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна, сан нана суна каш хилла ца йитарна, со дуьнен чу ца волуш ца витарна! ХІунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара? Деган Іийжамаш, бохамаш бен суна гина хІумма а ма дац! Ткъа сан дахар юьхьІаьржачу хІоттарца чекхдер ду.
Выбор основного перевода