Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриге хилира Ибрама КанаІан-махкахь итт шо даьккхинчул тІаьхьа. Сарета шен майрачунна Ибрамна Мисар-махкара ялхо ХІажар елира, цунах зуда яйта. Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гІо дийр ду. Кху лаьтта тІера Ша ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІонца деллачу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Цо». Везачу Эло канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тІе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чІагІо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хІара гІуллакхаш де. Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».
Выбор основного перевода