Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас элира: «Ялх бІе эзар гІашло ву цу халкъана юкъахь, ткъа Ахь боху: „Ас царна жижиг лур ду цхьана баттахь даъал!“ Дерриг а уьстагІий а, стерчий а дайича, тоьур дарий те уьш халкъана? Я хІорда чуьра берриг а чІара схьабаьккхича, цунах нахана кхачо хир ярий те?» Цуьнан ялхочо элира: «БІе стагана муха лур ю аса хІара?» Амма ЭлишаІа жоп делира: «ДІало ахьа адамашна и рицкъа. Даийта цаьрга и бепиг. Везачу Эло иштта боху: „Уьш юучух бузур а бу, церан кхин а юьсур а ю“». Мурдаша Цуьнга элира: «ХІокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хІума?» Юхахьаьжча, Іийсана гира Шена тІаьхьахІоьттина догІу дукха адам. ТІаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла. Иза Пилап зерхьама элира Іийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг. «Царна хІоранна кІез-кІеззиг бепиг кхачийта а, ши бІе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа. Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамІа-Кипин вашас Іандара, элира Іийсага: «Кхузахь цхьа кІант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чІара а бу. Амма цунах хІун хир ю кху халкъана?»
Выбор основного перевода