Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш нахана тІехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гІуллакх хилахь, иза хьайна тІедаийта, ткъа кегий гІуллакхаш шайга къастадайта. ТІаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю. Синай-ламанан бохь тІе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тІе кхайкхира. Муса хьалавелира. Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тІе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хІиттира нахана, амма юха а севцира. Веза Эла, мархин бІогІамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дІахІоьттира. Цо АхІароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тІебахара. Хьуна тІе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тІаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТІаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. Уьш хих дехьабевлча, Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «Хьуна уллора со Дала стигала хьалаваккхале, аса хьайна дан луург деха соьга». ЭлишаІа элира: «Хьоьца долу са, сайца шозза сов хила лаьара суна». Ерихон-гІаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогІу ЭлишаІ. Цара элира: «Эли-ЯхІун са ЭлишаІана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьІира.
Выбор основного перевода