Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мархина юккъехь чу а воьссина, цунна уллохь сецира Веза Эла. ЯхІува (Веза Эла) аьлла, Шен цІе яьккхира Цо. Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дІакхехьийта. Веза Эла, мархин бІогІамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дІахІоьттира. Цо АхІароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тІебахара. Цул тІаьхьа ГебаІ-гІаларчу сагІа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пІелаштамхойн тоба хир ю гІаролехь лаьтташ. Хьо гІали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тІера охьавогІуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. Хьуна тІе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тІаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТІаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. Уьш ГебаІ-гІаларчу сагІа доккхучу барза тІе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тІе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дІахІоьттира. „ТІаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хІуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гІенаш гуш хир бу. Сайн ялхошна тІе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Іаь тухур ю Аса цу деношкахь, тІаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду.
Выбор основного перевода