Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Іуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Іуьллуш тхи дара. Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира. Цо, чан санна, жижиган догІа даийтира царна тІе, хІорда йистера гІум санна, дукха олхазарш а гІовттийра. Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тІе дахкийтира. Цара яа хІума йийхира – Цо лекъаш делира царна, стигаларчу ялтица уьш Іаббалц буза а бира.
Выбор основного перевода