Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІеххьана Везачу Элера цІе елира, ткъа оцу цІеро уьш дІакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. Мусана а, АхІаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара! Иштта, хьо а, хьан дерриге халкъ а, схьа а гулделла, Везачу Элана дуьхьал ма даьлла. Ткъа АхІарон мила ву, аша цунна яппарш ян?» Везачу Элера цІе йоьссира, цо дІакхаьллира хаза хьожа йогІучу сегІазан сагІа доккхуш волу ши бІе шовзткъе итт стаг. Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Іасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».
Выбор основного перевода