Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегІашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хІуманна а тІехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гІуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дІахІоттабайта цаьрга. АхІаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дІадахийтархьама а. ТІаккха бохам тІебогІур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича». Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кІел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цІа чохь йолчу цхьана а хІуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гІуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тІе а ма ваийта. Иштта, еза хІуманаш лар а е, сагІа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгІаз ца вахийтархьама.
Выбор основного перевода