Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Левин тІаьхьенах долчу КхахІатан гаранах болу берриге а боьрша нах багар а бай, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе. КхахІатан тІаьхьенах болчу нахана гуламан четар чохь бан тІебехкина болу белхаш уггар езачу хІуманашца боьзна бу. Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхІароне а, цуьнан кІенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тІорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тІорказна тІетасийта. Цул тІаьхьа цу тІорказна тІе хІордан дийнатийн кІеда тІаьрсиган тІетосург тасийта. Ткъа цунна тІехула сийна бос болу тІергІан кІади а тасий, тІорказан хьокхий шен чІагарех чекхдахийта. Иштта даздина баьпкаш тІехь долчу стоьла тІе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тІе бошхепаш, еш, боганаш, чагІаран сагІанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тІехь. Оцу массо а хІуманна тІехула цІен басахь долу кІади тІедиллийта. Ткъа цу тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган тІетосург тасийта. ТІаккха хьокхий стоьлан чІагарех чекхдахийта. Цул тІаьхьа сийна бос болу тІергІан кІади тасийта серло луш болчу стогарна тІе а, цуьнан къуьданашна а, тукаршна а, богуш берг дІасабахьачу нойшна а, къуьданаш чу дутту даьтта чохь долчу кхабанашна а тІе. И ерриг хІума а, хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу тІе а тасий, дІасакхоьхьучу экханна тІе яхкийтийта. Дашочу кхерчана тІе а тасийта сийна бос болу кІади. Ткъа цу тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу тІе а тасий, кхерчан чІагарех хьокхий чекхдахийта. Делан четар чохь Іамал еш лело къастийна пхьегІаш сийна бос болчу кІадина юккъе дІахьарчае, тІаккха цунна тІехула хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу а йиллий, дІасакхоьхьучу экханна тІе яхкийта. Чуьра юкъ дІа а яккхий, сагІа доккхучу кхерчана тІе а сирла-цІен бос болу кІади тасийта. Цул тІаьхьа кхерчана уллохь Іамал еш лелош йолу ерриг хІума а схьагулъяйта: богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш, мІерий, белаш, боганаш. И ерриге а хІуманаш кхерча тІехь йолчу сирла-цІен бос болчу кІадина тІе яхкийта. ТІаккха оцу хІуманашна тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу а тасий, хьокхий кхерчан чІагарех чекхдахийта. АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза. Динан да волчу АхІаронан кІентан ЭлиІазаран карахь ду къуьданаш чу дутту даьтта а, хаза хьожа йогІу хІума а, хІора дийнахь дахьаш долу кІен сагІа а, къобалваран зайтдаьтта а. Цо дола дийр ду дерриге а Делан четаран а, цунна чохь мел йолчу езачу хІуманан а, пхьегІийн а». Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Варелаш! Левихойн юкъара КхахІатан тукхамийн гара дІа ма даккхийталаш! Уггар а езачу хІуманашна тІебоьлхучу хенахь, уьш дийна бисийтархьама, аша хІара дан деза: АхІарона а, цуьнан кІенташа а, Делан четар чу а баьхкина, хІора кхахІатхо шен гІуллакх дечу метте дІа а хІоттош, цара дІаяхьа еза хІума гайта еза царна. Амма кхахІатхой, езачу хІуманашка хьажархьама, ур-атталла бІаьрганегІар тухучу юкъана а, четар чу баха ца беза, шаьш ца балийтархьама». Везачу Эло Мусага элира: «ГІиршанан гаранах берш багар а бай, церан хьесап де, шайн доьзалшка а, тукхамашка а хьаьжжина. Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. ГІиршанан тІаьхьенах болчу наха, шаьш гІуллакх деш а, хІуманаш дІахьош а, хІара дан деза: гІиршанхоша дахьа деза: чухулара четар а, гуламан четар а, цуьнан кхалор а, цунна тІехула хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах йина йолу кхалор а, четарна чуволучу меттехь йолу шаршу а, четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолу шаршуш а, кертан кевнехь йолу шаршу а, цаьрца доьзна долу машшаш а, оцу дерригенна а оьшуш болу гІирс а. Оцу хІуманашца доьзна дан дезаш мел долу гІуллакх а кхочушдан деза цара. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а омрица кхочушдан деза ГІиршанан тІаьхьенах болчара шайна тІедиллина муьлхха а гІуллакх: хІуманаш дІахьош и делахь а, кхин болх шаьш беш белахь а. Цара дІахьош мел йолчу хІуманан дола дар тІедилла царна. Цу тайпана белхаш бан беза ГІиршанан тІаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гІуллакх деш, шайна тІехь куьйгалла деш динан ден АхІаронан кІант Итамар а волуш». «Мерарин гаранах берш багарбе, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дІаяхьа езаш йолу хІуманаш хІорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бІогІамаш а, цуьнан баххаш а, гонахарчу кертан бІогІамаш а, иштта церан баххаш а, чІагІдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гІирс а, оцу хІуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дІаяхьа езачу хІора хІуманан, цуьнан цІе а йоккхуш, хьесап де. Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тІаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гІуллакх деш, шайна тІехь куьйгалла деш динан ден АхІаронан кІант Итамар а волуш». Байт-Шамашерачу бахархошна Дала чІогІа таІзар дира, уьш Везачу Элан дезачу тІорказ чу хьаьжна аьлла. Цо кхузткъе итт стаг вийна хилла и бахьана долуш. Цу тайпана чІогІа таІзар Везачу Эло шайна дича, адам дилхира. Нахонан хьаьтта кхаьчча, Іузас, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалецира, стерчаша иза агІордаьккхина дела. Амма Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Іузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тІорказна тІе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тІорказна уллохь велира.
Выбор основного перевода