Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
РаІамсас-гІалара гІаш Сакхат-гІала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бІе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича. Багарбинарш ткъа шарал тІехбевлларш бара, уьш ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хІораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш. Иштта, шайн доьзалшка хьаьжжина, багарбинера исраилхой. Меттаметтанашкахь болчу нехан, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, хьесап дича, уьш верриге а ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт тІемало вара (603550). Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бІе цхьа эзар ворхІ бІе ткъе итт стаг (601730).
Выбор основного перевода