32
Юсупан кІант волчу Эпрайман тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
Эпрайман тІаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих – бахрихой, Тахьанах – тахьанхой.
Шутлахьин тІаьхье иштта яра: Іаьранах бевллера Іаьранхой.
Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бІе стаг вара (32500). Иза яра Юсупан ерриге а тІаьхье цуьнан гаранашца.