Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юсупан тІаьхьенан гаранаш цуьнан ши кІант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара. Маннашан тІаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кІант хилла ГалІад. ГалІадах бевллера галІадхой. ГалІадан тІаьхье иштта хилла: ЙиІазарх бевллера йиІазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой, Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой, ШамидаІах – шамидаІхой, Хьепарах – хьепархой. Хьепаран кІант волчу Цалпихьадан кІентий бацара, йоІарий бен. Цалпихьадан йоІарийн цІераш хІорш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхІ бІе стаг вара (52700).
Выбор основного перевода