Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагІа бутт чекхболуш, бутт цІинлучу хенахь, Синай цІе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой. Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». «Хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь гуламан четар дІахІоттаде. Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгІачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дІахІоттийна Везачу Элан четар. Исраилхой Мисар-махкара Дала арабаьхначу шолгІачу шеран, шолгІачу беттан ткъолгІачу дийнахь тоьшаллин четарна тІера марха хьалаайаелира. Синай цІе йолчу яьссачу арара дІабахара исраилхой. ДІайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.
Выбор основного перевода