Бен-Яманан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаІах бевллера булаІхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой,
Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой.
БулаІан кІентий бара: Арди, НаІаман. Ардих бевллера ардихой, НаІаманах – наІаманхой.
Иштта дара Бен-Яманан тІаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бІе стаг вара (45600).