Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тІаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух – палухахой, Хьацраних – хьацранихой, Кармах – кармахой. Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхІ бІе ткъе итт стаг вара (43730). Палун кІант вара Элиаб. Элиабан кхо кІант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхІаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тІаьхьахІиттинчарна юкъабогІура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь. Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дІакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тІаьхьахІоьттина халкъ а делира, и ши бІе шовзткъе итт стаг цІеро вагийча. Исраилан халкъана дІахьедаран билгало хилира царах. Ткъа Кхорахьан тІаьхье дийна йисира.
Выбор основного перевода