Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гІуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хІора боьршачу стеган цІе дІаязъе». Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиІазара а халкъе элира: «Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу хІора боьрша стаг дІаязве». Мисар-махкара арабевлла исраилхой хІорш бара: Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тІаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух – палухахой, Хьацраних – хьацранихой, Кармах – кармахой. Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхІ бІе ткъе итт стаг вара (43730). Палун кІант вара Элиаб. Элиабан кхо кІант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхІаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тІаьхьахІиттинчарна юкъабогІура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь. Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дІакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тІаьхьахІоьттина халкъ а делира, и ши бІе шовзткъе итт стаг цІеро вагийча. Исраилан халкъана дІахьедаран билгало хилира царах. Ткъа Кхорахьан тІаьхье дийна йисира. ШимІин тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Намуалах бевллера намуалхой, Яминах – яминхой, Якинах – якинхой. Зерахьах бевллера зерахьахой, Шаулах – шаулхой. Иштта дара ШимІин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бІе стаг вара (22200). Гадин тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Цепонах бевллера цепонхой, Хьагих бевллера хьагихой, Шуних – шунихой, Озних – ознихой, Іерах – Іерихой, Ародих – ародихой, Ариэлих – ариэлахой. Иштта дара Гадин гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъа эзар пхи бІе стаг хилира (40500). Іаьр а, Онан а ЯхІудан кІентех шиъ вара. Ткъа уьш КанаІан-махкахь дІакхелхинера. ЯхІудан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тІаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах – парасхой, Зерахьах – зерахьахой. Парасан тІаьхье иштта яра: Хьацраних бевллера хьацранихой, Хьамалах – хьамалхой. Иштта дара ЯхІудан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе ялхитта эзар пхи бІе стаг хилира (76500). Иссарханан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: ТовлаІах бевллера товлаІхой, Пувех – пувахой, Яшабах – яшабхой, Шимронах – шимронхой. Иштта дара Иссарханан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе виъ эзар кхо бІе стаг хилира (64300). Забулан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Серадах бевллера серадхой, Элонах – элонхой, Яхьлаалах – яхьлаалхой. Иштта дара Забулан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъа эзар пхи бІе стаг хилира (60500). Юсупан тІаьхьенан гаранаш цуьнан ши кІант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара. Маннашан тІаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кІант хилла ГалІад. ГалІадах бевллера галІадхой. ГалІадан тІаьхье иштта хилла: ЙиІазарх бевллера йиІазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой, Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой, ШамидаІах – шамидаІхой, Хьепарах – хьепархой. Хьепаран кІант волчу Цалпихьадан кІентий бацара, йоІарий бен. Цалпихьадан йоІарийн цІераш хІорш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхІ бІе стаг вара (52700). Эпрайман тІаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих – бахрихой, Тахьанах – тахьанхой. Шутлахьин тІаьхье иштта яра: Іаьранах бевллера Іаьранхой. Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бІе стаг вара (32500). Иза яра Юсупан ерриге а тІаьхье цуьнан гаранашца. Бен-Яманан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаІах бевллера булаІхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой, Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой. БулаІан кІентий бара: Арди, НаІаман. Ардих бевллера ардихой, НаІаманах – наІаманхой. Иштта дара Бен-Яманан тІаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бІе стаг вара (45600). Данан тІаьхьенан гара иштта дара: Шухьамах бевллера шухьамхой. Иза дара Данан гара. Шухьаман тІаьхьенах берш багарбича, уьш берриш кхузткъе виъ эзар виъ бІе стаг вара (64400). Ашаран тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Иманих бевллера иманихой, Ишвих – ишвихой, БериІах – бериІхой. БериІан тІаьхьенах бевлларш хІорш бара: Хьебарх бевллера хьебархой, Малкиалх – малкиалхой. Ашаран йоІан цІе яра Серахь. Иштта дара Ашаран гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхойтта эзар виъ бІе стаг вара (53400). Напталан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Яхьциалах бевллера яхьциалхой, Гуних – гунихой, Йицарх – йицархой, Шиламах – шиламхой. Иштта дара Напталан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар виъ бІе стаг вара (45400). Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бІе цхьа эзар ворхІ бІе ткъе итт стаг (601730). Левихойн тІаьхьенах багарбинарш шен гаранашца иштта бара: ГІиршанах бевллера гІиршанхой, КхахІатах – кхахІатхой, Мерарих – мерарихой. Левин гаранаш иштта дара: Ливанин гара, Хьевронан гара, Махьлин гара, Мушхьин гара, Кхорахьан гара. КхахІатан хилира кІант Іамрам. Іамраман зудчун цІе Йохабадат яра. Иза а яра Левин тайпанах схьаяьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу яьллера. Іамраман а, Йохабадатан а ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. Иштта цхьа йоІ а яра церан, цу шина кІентан йиша йолу Марем. АхІаронан кІентий хІорш бара: Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. Ткъа Надаб а, АбихІу а велира, хІунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цІергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагІа. Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хІунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера. Веза Эла юха а оьгІазвахара исраилхошна. Цо Дауд исраилхошна дуьхьалваьккхира. Дауда элира: «Даха а гІой, Исраил-махкахь а, ЯхІуд-махкахь а долу халкъ дагарде». Дауда шен эскаран хьаькам волчу Йоабе элира: «Даха а гІой, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу массо а исраилхойн тайпанаш юкъахь долу халкъ дагарде, суна уьш мел бу хаийта». ТІаккха Йоаба паччахье элира: «Хьан Везачу Дала халкъ кхин а бІозза алсамдоккхийла, сан эла волчунна иза ган а гойла. Ткъа сан паччахь волчу элана хІунда оьшу иза?» Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб а, кхиболу тІеман хьаькамаш а. Уьш, паччахьна уллора дІа а бахана, Исраилан халкъ дагардан бахара. Йордан-хил дехьа а бевлла, ІаруІерахь севцира уьш, тогІи чохь йолчу гІалина къилбехьа. Цу тІера уьш Гадин тайпанан махкахула ЯІзир-гІала йолчу дІабахара. ТІаккха уьш ГалІада а, ТІахтайм-Хьудшин а латтанашка дІабахара, уьш кхин а Дан-ЯьІнехула чекхбевлира. ТІаккха уьш, го а баьккхина, ЦІадан йолчу бахара. Иштта Цорарчу гІопехула а, хьаьвихойн а, канаІанхойн а гІаланашкахула а чекхбевлира. ТІаьххьара а ЯхІуд-махкана къилбехьа Іуьллучу Беар-ШабаІе кхечира уьш. Массо а махкахула чекх а бевлла, исс буттий, ткъа дей даьлча, уьш Ярушалайме кхечира. Нах багарбаран жамІ паччахье дІаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу бархІ бІе эзар исраилхо хилар, ткъа яхІудхо – пхи бІе эзар стаг. «Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хІоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хІумма а ца хилийтархьама. Багарбинчу наха деана дети ши бІе пунт, цхьа эзар ворхІ бІе кхузткъе пхийтта деза шекхал дара. Багарбинарш ткъа шарал тІехбевлларш бара, уьш ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хІораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш.
Выбор основного перевода