Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДІадолуш долу ІиндагІ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тІаьхьало йолуш хІумма а дац кхузахь. Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кІезиг а болуш, уьш махкахь тІебаьхкина Іаш хилла. Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айрин барамал латта а ца делира. Амма Дала чІагІо йира цунна, иза а, цуьнан тІаьхьенаш а хІокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахІим цу хенахь доьзалхо воцуш вара. Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тІехь Іийна иза, тІевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Іийна иза, цуьнца цхьатерра ваІданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Іарра. Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хІуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тІедаьхкина нах а ду лаьтта тІехь.
Выбор основного перевода