Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен кхаби чуьра дерриг а хи эмкалшна дІа а доьттина, юха, едда яхана, кхин а хи а деана, массо а эмкална хи малийра цо. «Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со», – аьлла, жоп делира Ребикхас. ГІала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоІаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хІеттахь тІехволуш. ТІаккха БоІаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира. Хьоьга иза дІахазийта сацам бина ас. ХІара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дІаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тІаьхьа эца йиш ерг со ву». Вукхо ша оьцу элира.
Выбор основного перевода