Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІенташа Исхьакха а, ИсмаьІала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цІе йолчу хьеха чохь, ЦІохьаран кІентан, хьетахо волчу Іепронан, лаьтта тІехь дІавоьллира иза. КанаІан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цІе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Іепронера нах дІабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахІима. Цигахь дІабоьхкина бу ИбрахІим а, цуьнан зуда Сарат а, Исхьакх а, цуьнан зуда Ребикха а, цигахь дІайоьллина ас Леа а. Аре а, цу тІера хьех а хьетахошкара эцна ю». КанаІан-махка дІа а ваьхьна, Мамари цІе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дІавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахІима хьетахочуьнгара Іепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дІабохкархьама. Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахІима, дато ахча а делла, Хьамуран кІенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира.
Выбор основного перевода