Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. Шен четарш дІа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гІалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг а кечйира цо. Цул тІаьхьа ИбрахІима шен зуда Сарат оцу лаьтта тІехь йолчу хьеха чохь дІайоьллира. И меттиг КанаІан-махкахь йолчу Мамарина (хІинца Хьеврон) гена йоццуш яра.
Выбор основного перевода