Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аравнина ша волчу вогІуш волу паччахь а, цуьнан ялхой а гира. Ара а ваьлла, цо паччахьна хьалха лаьтта кхаччалц корта охьатаІийра. Аравнис хаьттира: «Сан паччахь волу эла шен лай волчу хІунда веана те?» Дауда жоп делира: «Со хьоьгара хьаьтта эца веана, кхузахь, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг а кечйина, ун сацадайтархьама». Аравнис Дауде элира: «СагІа даккха шайна оьшуш мел долу хІума схьаэца. Дийнаташ дагоран сагІина оьшуш долу стерчий а, дечиган метта мекха а, стерчийн дукъ а кхузахь ду шуна. И ша мел ерг а ас хьуна дІало, паччахь!» Аравнис кхин а цхьа хІума элира паччахье: «Хьан Веза Дела реза хуьлда хьуна». Амма паччахьо Аравнига элира: «ХІан-хІа! Везачу Элана лерина долу сагІа маьхза даккха ца лаьа суна. Аса цу лаьттах богІу мах хьуна дІалур бу». Дауда хьаьтта а, стерчий а ийцира, цунах шовзткъе итт шекхал дети а делла.
Выбор основного перевода