Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Іедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чІагІбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чІагІдар санна хилла Исраил-махкахь. Оцу гергарчу стага, шен когара мача схьа а яьккхина, элира: «И зуда а, и дакъа а хьайна схьаэца». ТІаккха БоІаза къаношка а, массо а адамашка а элира: «ХІинца шу теш ду Элималикан а, Халин а, Махьланан а долахь мел хилла долу хІума ас НуІматера схьаэцар. Иштта шу тахана теш а долуш, веллачун дакъа цуьнан цІартІехь дитархьама а, цуьнан цІе вежаршна юкъара ца яйархьама а муабахо йолу, Махьланах йисина йолу зуда Рути ас сайн дола йоккху». Латта оьцуш яздечу кехатна кІел куьг а яздина, иза мухІарца чІагІ а дина, тешаш схьа а кхайкхина, терзанна тІехь дети уьйзира. Цул тІаьхьа аса эцаран кехат схьаийцира – шена тІехь барт а, тІедожорш а яздина долу мухІарца чІагІдина долу кехат а, иштта чІагІдаза долу кехат а.
Выбор основного перевода