Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тІера ма баалахь, хІунда аьлча ахьа оцу тІера стом биинчу дийнахь валарца дІавер ву хьо», – аьлла. Везачу Дала элира: «ХІинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХІинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тІера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш». Делан бешахь долу баганан дитт цуьнца дуста ца лора. Зоьзан дитташ цуьнан зуьгалгех тар ца лора, пхонан дитташ цуьнан гаьннашца нис ца лора. Делан бешахь долу цхьа а дитт цуьнан хазаллица дуста ца лора. Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“». Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла.
Выбор основного перевода