Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агІор дахар а, аьтто а бу. Вукху агІор Іожалла а, бохам а бу. Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогІарца а, Цунах дІакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІехь шу а, шун тІаьхье а ехха Іийр ю». Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Іожалла кхуллу.
Выбор основного перевода