Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТІаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дІакхетча, шайн цуьнца цхьа дегІ хуьлийла. ХІунда аьлча аьлла ма ду: «ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду». Иштта, майранаш, шайн догІмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза. ХІунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегІ ца дезаш. Мелхо а, шен дегІ цо кхаба а кхобу, Іалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна. Вай Цуьнан дегІан меженаш ма ю. «Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху.
Выбор основного перевода