Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза дІа а эккхийна, Іедан-бешана малхбалехьа агІор, чу волучохь, Везачу Дала дІахІоттийра дахаран диттана Іуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тІе ца гІортийта, цІе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хІоттийра. Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дІа а ваьлла, Іедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цІе йолчу меттиге ваха охьахиира. ДІахьаьжначу ЛутІина Йордан-хи догІу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогІи ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта. Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Іедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю.
Выбор основного перевода