Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Иза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тІейогІу йолчу ханна, хІунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхІалгІачу дийнахь Цо, Ша динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, садаьІна“». Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхІалгІачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира».
Выбор основного перевода