Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». Дерриге а лаьтта тІехь хилла йолу мерІуьргашкахула садоІуш мел йолу хІума елира. Везачу Элана хаьа, Ша вай стенах кхоьллина ду, хаьа Цунна, Ша вай поппарх дина дуйла. Со Делан Сино кхоьллина, Нуьцкъалчун Іаьнаро суна дахар ло. ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегІ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале. Адамийн куьйгаша Далла гІуллакх деш делахь а, Цунна хІума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеІар а, кхин дерриге а. Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тІаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду.
Выбор основного перевода