Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІа ма гІохьа, со схьаваллалц. Хьайна совгІат схьа а деана, иза Хьайна хьалха охьадилла пурба лохьа суна». Цо жоп делира: «Хьо схьаваллалц, собардийр ду Ас». ГадІана, дІа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кІел схьаеара цо. Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Тхуна хьо социйла лаьара, буьхьиган жижиг кхихкина даллалц». Везачу Элан Малико Манахье элира: «Со кхузахь соцуш хилахь а, аса хьан кхача буур бац. Нагахь санна дийнаташ дагоран сагІа даккха лууш хьо велахь, и гІуллакх Везачу Элан дуьхьа де». Манахьана ца хаьара, иза Везачу Элан Малик дуйла.
Выбор основного перевода