Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. (Исраилхой Баировт-Баней-ЯІакханера гІунаш тІера Мосире дІабахара. АхІарон дІакхелхира, иза цигахь дІавоьллира. Цуьнан метта динан да дІахІоьттира цуьнан кІант ЭлиІазар. Эццара уьш Гуди-Гуде бахара, ткъа цу тІера – Ютбате. Иза хиш долу латта дара. Нагахь санна Везачу Элана Іамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гІуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Іаш болчу хенахь шайн дайша Іамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тІехь Іаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цІийно а Везачу Элана Іамал йийр ю». Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгІаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Іама а беш.
Выбор основного перевода