Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. Оха хІара гІала йохор ю, хІунда аьлча Везачу Элана тІекхоьхьуш кху гІалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хІаллакьян». ХІара бу хьан йишин Седам-гІалин а, цуьнан зудаберийн а бехк: уьш кура бара, церан дукха даа хІума дара, церан маьрша синтем а бара, амма цара къечарна а, мискачарна а гІо ца дора. Уьш, кураллаш еш, дегаза хІуманаш деш лелара Суна хьалха, цундела Ас, Сайна и дерриг а ма-гиннехь, уллора дІабехира уьш. Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.
Выбор основного перевода