Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». Кхин а кІезиг тешна Іаш хир ву Иза адамех, церан догІмаш поппарх дича санна долчу, церан дахар гІамар тІехь лаьтташ санна долчу. Уьш-м нецал а атта тІетоьхна дайалур ма ду. Цо со хоттана юккъе кхуссу, хІинца со чан а, овкъарш а санна ву. ХІинца со айса аьллачунна дохковаьлла, цундела ченашна а, овкъаршна юккъе а хиъна Іаш ву». Гуттар а доІанаш деш, догйовха хилийтархьама, Іийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хІума дийцира: Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хІара догІмаш хІаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цІа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цІа ду.
Выбор основного перевода