Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а, Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а. Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала боху: ‘ЯхІудан халкъана а, Ярушалаймехь болчу массо а бахархошна а Айса бийр бу аьлла мел болу бохамаш бийр бу, хІунда аьлча цара Ас шайга мел баьхначуьнга ла ца доьгІна, Ас шайга кхайкхича, цара Суна жоп ца делла’“». «Ярми-ЯхІу, Со – Веза Эла ву, массо а адамашна тІехь Дела волу. Соьга далур доцуш цхьа хІума дуй те?» Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „И санна долчух теша цу деношкахь дисинчу халкъан бІаьргашна а тамашийна хилча, Сан бІаьргашна а хир дуй те иза иштта тамашийна?“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. „Тхан да ИбрахІим ву“, – аьлча, шаьш кІелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. Цаьрга а хьаьжна, Іийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хІумма а дац». Деле дан а ца луш хІумма а ма дац!» Иза кІоргге тешна вара дийр ду аьлларг кхочушдан Делан ницкъ хиларх. ХІунда аьлча Дала дина ваІда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогІур ву, тІаккха Саратан кІант хир ву».
Выбор основного перевода