Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха божарий, хьала а гІевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гІала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тІаьхьавелира ИбрахІим. Божарий Седам-гІала йолчухьа дІабуьйлабелира, ткъа ИбрахІим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара. Сарахь и ши малик Седам-гІала деара. ГІалин кевна йистехь хиина Іаш вара ЛутІа. Уьш шена гича, тІе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах. Хьаша тІеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тІе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш. Ерихонна уллохь волчу хенахь ЮшаІана гира шена хьалха лаьтта цхьа стаг. Цу стеган карахь баттара даьккхина тур дара. ЮшаІа, тІе а вахана, хаьттира цуьнга: «Хьо тхайниг ву я тхан мостагІех ву?» – аьлла. Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТІехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чІогІа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цІе а ца яьккхира. Цо элира: „Ахьа кІант вийр ву. Цундела цхьа а тайпана вахош долу малар а ма мала, Далла цІена хетарг бен хІума а ма яа, хІунда аьлча и бер хьан кийрахь долчу хенахь дуьйна ша дуьнен чуьра дІадаллалц Дала вазвина назархо хир ву“». ТІаккха Манахьа шен доІанна тІехь Везачу Эле дехар деш элира: «Веза Эла! Делан стаг кхин а цкъа тхо долчу ваийтахьара Ахьа, тхоьга дуьнен чу дала дезачу цу берана оха хІун дан деза дуьйцуш». Далла Манахьан аз дІахезира. Делан малик, Манахьан зуда йолчу юха а деана, дІахІоьттира. Цу хенахь иза аренгахь яра, цунна уллохь цуьнан майра волу Манахь а вацара. Едда шен майра волчу а яхана, зудчо цуьнга хаам беш элира: «Со йолчу юха а тохарлера стаг веана». Манахь, хьала а гІаьттина, шен зудчунна тІаьхьа а хІоьттина, цу стагана тІевахара. Цо элира: «Хьо вуй хІокху зудчуьнца къамел динарг?» Малико элира: «Со ву».
Выбор основного перевода