Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хІусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидІа а бер аша», – элира ЛутІас. «ХІан-хІа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо. ЦІийнан куьйгалхочо вежарий Юсупан цІа чу бигира. Царна когаш била хи а, церан варрашна хІоъ а белира цо. ТІаккха, зудчуьнгахьа дІа а вирзина, Цо ШамІе элира: «Хьуна гуш юй и зуда? Со хьан чу веача, ахь Суна когаш била хи а ца делира, ткъа цо шен бІаьрхишца Сан когаш башош, шен месашца уьш бакъийра. Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш. Шен дикачу гІуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тІе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гІуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гІо а деш, муьлхха а дика гІуллакх дан а гІерташ елахь, иза дІаязъян тарло.
Выбор основного перевода