Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те? Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дІа ца тосу, вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гІо а ца до. Кхетам берш, ладогІа соьга! Дала харцдерг лело йиш яц, Ницкъболчо зулам лело а йиш яц. ТІаккха адамо эр ду: «Билггал хуьлу Делан лаамехь волчунна стом! Иштта, волуш ву дуьнен чохь кхел еш волу Дела!» Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хІунда аьлча ша динчу дикачу гІуллакхех пайда оьцур бу цо. Ткъа Іесачун къа ду, хІунда аьлча ша динчу вочу гІуллакхашна бекхам хир бу цунна. Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дІадоьллуш хилча, хІун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таІзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.) Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло?
Выбор основного перевода