Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Шен нуьцкъалаллица Цо гуттара а олалла до. Цуьнан бІаьргаш халкъашна тІедерзийна ду. Аьрха нах Цунна дуьхьал ма гІовттийла! Везачу Элан бІаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман. Амма цу деношкахь а Аса шу массо а хІаллакдийр дац, – боху Везачу Эло. – Цу бахьанина царна таІзар дан ца деза те Аса? – боху Везачу Эло. – Бекхам бан ца беза те Аса хІара санна долчу халкъана? хІунда аьлча Со шуьца ву, шу кІелхьардохур ду – боху Везачу Эло. – Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таІзар дийр ду». Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гІо дархьама бийр бац, уьш хІаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой я мацалло хІаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц. Цу хенахь хІорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КІелхьарбаьхнарш Дала Ша тІекхайкхинарш хир бу». Нагахь санна, шайн мостагІашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гІахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бІаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тІехьажор бу». Сан халкъана юкъара къинош летийнарш берриге а туьрах хІаллакьхир бу, цара бахахь а: „И бохам тхох хьакха а лур бац, тхуна тІе а богІур бац“».
Выбор основного перевода