Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. Аса сацам бина хІокху гІалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, – боху Везачу Эло. – Ярушалайм-гІала бавелхойн паччахьан кара дІалур ю, ткъа цо иза цІергахь ягор ю’“». Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тІе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхІудхой хІаллакбийр бу Аса. Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гІала, Іожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгІа долу дакъа мостагІийн туьро хІаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгІа долу дакъа Аса массо а маьІІе дІасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагІий а бохуьйтур бу.
Выбор основного перевода