Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха». Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со. Цу дийнахь Везачу Эло Шен чІогІачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таІзар дийр ду Левиятан цІе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХІордан и саьрмик буьйр бу Цо. «Кестта Аса дуккха а чІерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тІаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тІера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дІабахийта. Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хІума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бІаьргаш хьалха лаьтташ ду. Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Паччахьо, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, – лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а, хІордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а цхьа ницкъболу куьйгалхо вогІур ву шуна. Іамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТІаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».
Выбор основного перевода