Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Иштта Крит-гІайренера схьабевлла болу каптІархой а, Іази-гІалина тІекхаччалц йолчу ярташкахь баьхна болу Іаваймхой хІаллак а бина, церан меттигашкахь баха хевшира.) ХІунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела, Исраилан Веза Дела, хьан КІелхьардоккхург ву. Ас Мисаран къам дІало хьан паргІатонах. Хуша а, Себа а дІало хьох. Хийцалур дуй хушахочуьнга шен чкъор, я цІоькъе дІадахалур дуй шена тІера томмагІаш? Иштта вонаш дан Іемина долчу шуьга далур дуй дика хІума? Берриг а пІелаштамхой хІаллакбен де тІекхаьчна, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а дисина долу гІо дІахеда хан тІекхаьчна. Везачу Эло хІаллакбийр бу пІелаштамхой, КаптІар-гІайренах схьаваьлла мел виснарг. Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогІин бахархой а хІаллакбийр бу, Байт-Іедан цІийнера олаллин гІаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кІошта йийсаре дІагІур ду», – боху Везачу Эло. Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама. ЛадогІа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла:
Выбор основного перевода