Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. Цара шира херцораш юхаметтахІиттор ю, тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю. Дуккха а тІаьхьенашкара дуьйна яссийна лаьтташ йолу гІаланаш карлайохур ю цара. Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДІатесна дерг». Хьан цІе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела. Кемсаш кхиочара юур ю уьш, Везачу Элана хастам бийр бу цара. Кемсаш лахьочара мер ду чагІар Сан дезачу цІийнан керташкахь». Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тІаьхьенан аьтто юхаметтахІоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГІала юхаметтахІоттийна хир ю ша хиллачу гу тІехь, ткъа гІалин гІап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю. Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу. Уьш цу тІехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цІенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югІур ю. Уьш кхерам боцуш Іийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тІехь Ас кхел йича. ТІаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла». Цара эр ду: ‘ДІаяханчу заманахь хІара латта даьсса лаьтташ дара, ткъа хІинца хІара Іеданан беш санна ду. Кхузара гІаланаш йохийна, яссийна, хІаллакйина лаьтташ яра, ткъа хІинца уьш чІагІйина ю, цу чохь адамаш а ду дехаш’.
Выбор основного перевода