Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дІадели. Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха. Дегор-м дац те и бахьана долуш латта? Лаьтта тІехь вехаш волу хІора а воьлхур-м вац те? Дерриге а, доьду хи санна, тохалур ду. Мисар-махкара хи санна, лакхадолуш а, лахлуш а хир ду иза. Цунна кІелахь лаьмнаш дешар ду, цІергахь лела балоз санна, уьш тогІеш чу текхар ду, гуна тІера охьадогІу хи санна. Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо, баьрзнаш а деша. Цуьнан юьхьа хьалха латта а, дерриг а дуьне а, дуьнен чохь мел дехарг а дегадо.
Выбор основного перевода