Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
„Цул тІаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду. Цуьнан саьлнаш метта а хІиттийна, ирахІоттор ду иза, кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хІуманаш абадехь дуьйна дІахоуьйтуш волчу Везачу Эло“. кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хІуманаш абадехь дуьйна дІахоуьйтуш волчу Везачу Эло“. ХІунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дІа? ХІинца цигахула тІех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху. ТІаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагІий Іуйшца хІордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг? Уьш хІаллакбан гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тІаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Іаш хир бу», – боху Везачу Эло. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц.
Выбор основного перевода