Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву. Нагахь Іуьйренан зІаьнарийн тІемаш тІехь со хьалаваьлча а, я, хІордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а, ДІалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. – Бавел стигала кхаччалц лакхаяьлла хилча а, цо цигахь шена яккхий чІагІонаш йина хилча а, Ас тІаккха а цунна тІе нах хьажор бара и гІала йохаяйта», – боху Везачу Эло. Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода