Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгІна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду. Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. ДІаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дІадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хІаллакдайта а, цунна тІе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахІиттадайта а, лаьтта тІе дІадогІийта а, – боху Везачу Эло. – Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хІокху лаьтта тІе чІагІбина баха охьаховшор бу». Кхечу къаьмнашна уьш ижунна кхин хир дац, аренгарчу акхароша а уьш кхин дуур дац. Уьш маьрша дехар ду, ткъа цхьаммо а уьш кхин кхерор дац.
Выбор основного перевода