Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Иза ган а гина, Веза Эла царах дІавирзира, Шен кІенташа а, мехкарша а Иза оьгІазвахийтина дела. Цо хаьржина вайна кхаьчна болу хІара мохк, Цунна дезаш долчу Якъубан халкъо цунах дозалла до. Цундела оьгІазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш. Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чІагІо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цІоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тІехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду». Церан гІаланашна тІе тур кхетар ду, кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро, нах а дІакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш. «Царна ца хаьа нийсонца лела, – боху Везачу Эло. – Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хІусамашкахь йолу хазна». Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагІа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чІагІо, хьан хІусамашна талор дийр ду». ИбрахІимна Ша ваІда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела.
Выбор основного перевода