Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. ГІайгІа йоцу зударий! Хьала а гІовттий, ладогІа соьга. Шаьш сашортехь бу моьттуш болу мехкарий! ЛадогІа сан дешнашка. Шарал сов, кхин масех де даьлча, кхерамца дегош хир ду шу, гІайгІа йоцурш! ХІунда аьлча кемсаш а лахьор яц, ялта чудерзо хан тІе а кхочур яц. Бегало, гІайгІа йоцу зударий! Лесташ хила, синтемехь болу мехкарий! Шайн бедарш охьа а кхиссий, гІодаюккъе сингаттаман духар дехка. Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дІабуур бу, хьан кІентий а, зудабераш а хІаллакдийр ду, хьан уьстагІий а, стерчий а дІадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дІакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чІагІйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гІаланаш хІаллакйийр ю. Исраилхойн куьйгалхошка хьажал. Царах хІораммо а хьуна чохь шен ницкъаца цІий Іанадора. «Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тІехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш». Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таІзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, – бохучарна. Амма къа ду шун, хьолахой, хІунда аьлча хІинца синтеме ду шу.
Выбор основного перевода