Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ЧагІар а муьйлуш, деших а, детих а, йоьзах а, эчигах а, дечигах а, тІулгах а бина болу шайн деланаш базбора цара. Оццу хенахь цІеххьана, пена чуьра схьадовлуш санна, адаман куьйган пІелгаша, ара а девлла, паччахьан цІа чохь къуьдана дуьхьал болчу пена тІерачу кирана тІехь йозанаш деш гира паччахьна. Юьхьа тІера хийцавелира иза. Ойланаша хьовзийра иза. Цуьнан настарш малъелира, голаш, бегош, вовшахбетталора. Ткъа хашадхойн паччахь Белшацар цу буссехь вийра. Пийлан кІомсарех бинчу маьнгеш тІехь Іохку шу, дегІана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша. ХІунда аьлча Іамоса иштта боху: „ЯрбаІам туьрах хІаллакьхир ву, ткъа исраилхой, шайн лаьтта тІера схьа а баьхна, йийсаре буьгур бу“». Ахьа иштта аларна, Везачу Эло хІара боху: „Хьан зуда гІалахь, кхахьпа а дина, лелор ю. Хьан кІентий а, йоІарий а туьро хІаллакбийр бу. Хьан латта, асанаш йохучу муьшца декъа а декъна, кхечарна дІалур ду. Хьо хийрачу махкахь лийр ву, ткъа Исраилан халкъ, шен махкара ара а даьккхина, йийсаре дуьгур ду“».
Выбор основного перевода